ABC

Iела-АтагIара - Делан бакъ Вели
текст песни

24

0 человек. считает текст песни верным

0 человек считают текст песни неверным

Iела-АтагIара - Делан бакъ Вели - оригинальный текст песни, перевод, видео

Делан Вели

Цхьа гIалато яьллера цхьана Делан бакъ Велигара,

Бехке чIогIу хиларна, кхера чIогIа валарна,

ХIурде, йисте вахана, хIурде ишар йинера.

- «Цхьана сохьтехь цу вай Делах ша дIахьулаван, ницкъ буй хьан» - аьллера.

ХIурдо цунна жоп деллера.

- «Накъосталла дац хьуна, хьо лачкъо меттиг бац шен, цхьа-а тулгIе ма яц шен, цхьана маликехь карахь бен».

ХIурдо цунна жоп деллера.

- «Накъосталла дац хьуна, хьо дIалачкъо меттиг бац шеций, Ахь ламанашка алахьа Делан къайле йоккха ю».

2

Ламанашка вахана, ламанашка хаьттира,

- «Цхьана сохьтехь вай Делах ша дIахьулаван ницкъ буй шу» - аьллера.

Ламано, цунна жоп деллера,

- «Накъосталла дац хьуна, хьо лачкъо меттиг шеций, цхьа-а тIулг ма бац шен, цхьана маликехь карахь бен».

Ламано, цунна жоп деллера,

- «Накъосталла дац хьуна, хьо дIалачкъо меттиг шеций, Ахь лекхачу хьаннашка алахьа Делан къайле йоккха ю».

3

Лекхачу юкъачу хьаннаш тIевахана, хьаннашка хаьттира.

Хьуно, цунна жоп деллера.

- «Накъосталла дац хьуна, хьо лачкъо меттиг шеций, цхьа-а га а, гIа а ма дац шен, цхьана маликехь карахь бен».

Хьуно, цунна жоп деллера.

- «Накъосталла дац хьуна, хьо дIалачкъо меттиг шеций, цхьа-а га а, гIа а ма дац шен, цхьана маликехь карахь бен».

4

ТIаккха кхайкха ма велира, Везачу вай Деле.

- «Я Роббана́, ва Везан Дела! Дуьненчохь леладан Iазап лохьа шена».

ТIаккха кхайкхар деара везачу Делера.

- Хьо дохку чIогIа валарна. хьо Шех кхера чIогIа валарна, Ша гечдина ву хьуна, хIай шен лай аьллера.

ТIаккха кхайкхар деара везачу Делера.

- Хьо дохку чIогIа валарна. хьо Шех кхера чIогIа валарна,

Ша гечдина ву хьуна, хIай шен лай аьллера.

5

Шен стигланаш йоцуриг товжа меттиг бац хьуна,

Шен латтанаш доцуриг лела меттиг бац хьуна,

Шен къинхетам боцуриг лачкъа меттиг бац хьуна.

Ша воцчунга бен кхайкхарехь накъосталла дац хьуна.

6

Цхьа ког герга хьо вагIахь, итт ког герга вогIу Ша.

Цхьа ше герга хьо вагIахь, итт ше герга вогIу Ша.

Къинхетаме дог дохуш вериг, хьалха воккхуш вай Ша ма.

Шеца шеко лаьцнариг ваьсса латтош вай Ша ма.

four

Верный ли текст песни?  Да | Нет